ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнца бинчу бертанна резабоцурш тидаме оьцуш бу ГIалгIайчохь


Нохчийчоьнний, ГIалгIайчоьнний юкъара доза къастош бинчу бертанна духьалболучийн дозалех лаьцна информаци гулъеш ду ГIалгIайчоьнан Iедал, хаамбина бакъоларъяран "Машр" юкъараллин куьйгалхочо Муцольгов Мохьмада.

"Кавказский узел" сайтерчу шен блогехула бакъоларъярхочо доьху Оьрсийчоьнан Талламан комитете и информаци таллар, низамца и барамаш мел богIу къастор.

Ши бутт хьалха Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а Iедало вовшийн территорийн доза билгалдоккхуш бертан кехат хIоттийра. Оцу документна реза ца хилира шайн махкера латта дIадаьккхина аьлла хеташ болу гIалгIайн юкъархой, гуламашка бехира цара мехкан бахархой.

ГIадужу-беттан 30-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Конституцин кхело листира ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека луларчу махкаца бина барт низамца богIуш хилар доьхуш чуделла дехар. Бина сацам цкъачунна кхайкхоза юьсуш ю Конституцин кхел.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG