Шемахь шена ханна къастийна тIеман декхар кхочуш а дина, цIаеана Къилба гонан тIеман полицин Нохчийчуьра батальон, хаамбо ТАСС агенталло.
"58-чу армера 400 гергга эскархо Шемара юхавирзина Нохчийчу", аьлла Къилба тIеман гонан пресс-гIоьнчас Астафьев Вадима.
Мазалкерчу тIеман аэродроме охьабиссийна Шемахь кхаа баттахь гIуллакх дина эскархой. Уьш базбеш, совгIаташ луш, барамаш дIахьа лерина пIерасканна.