ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Китайн политикан лагерехь ша лайначу Iазапах лаьцна дийцина уйгурийн зудчо


Турсун Мехригуль.
Турсун Мехригуль.

Уйгурийн къомах йолчу Турсун Мехригула кхо бутт баьккхина Китайн Синьцзянерчу политикан лагерехь. Цу зудчо дийцина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессан векалшка, адам Iалур доцучу хьелашкахь ша латторах а, шен ницкъ барх а лаьцна. Iазап хьегар сацо, цо дийцарехь, ша ер доьхуш хилла зудчо Китайн салташка.

Маситта шо хьалха Мисара деша яхана хилла Турсун, циггахь маре а яхана иза. 2015-чу шарахь зудчо сацам бина Китайхь бисинчу шен гергарнаш болчу хьажа-хIотта яха. Даймахка цIакхачарца иза дIалаьцна Iедалша, бераш дIа а дохуш. ТIаьхьо цуьнан цхьа бер делла.

Кхаа шарахь латтийна уйгур махкара ара ца йолуьйтуш. Кхузза хилла иза Синьцзянерчу "политикан кхеташ кхиоран лагерехь". Эххаре дIаяханчу аьхка цунна Iедалша бакъо елла Китайра араяла, юхаяр тIе а дожийна.

КъахIире дIакхачча шен къа-бала балхор Iалашонца Турсун зIене яьлла Iамеркин дипломаташца, ткъа цара иза дIайигина Цхьаьнатоьхначу Штаташка.

Iамеркан Конгрессехь, гочдархочуьнан гIоьнца, Турсун Мехригула дийцира ша Синьцзянерчу лагерехь лайнарг.

– Со камери чу йоьллира, цхьа а кор а доцуш, лаьтта бухулахь йолчу. Цу чохь хуьлург дерриг а тергонехь латтош видеокамераш яра беа пена тIехь. Цу чохь соьца цхьаьна яра кхин а 60 гергга зуда. Буьйсанна 15 зуда ирахь латтара, бисинчера лаьтта охьабийшина наб ян аьтто хилийта. ХIора 2 сахьт масоззу долу хийцалора тхо. Iуьйранна, хих а, дуганах а лаьтта хIумакхаллале хьалха, тхоьга эшарш лекхийтара, коммунистийн парти язъеш.

Цара тхоьга цхьацца молханан буьртигаш а, цхьа хIун ю а ца хуу кIайн кочалла мелийтара. Молхан буьртигаш мелча тхо кхетам чуьра довлара. Ткъа кIайн хи мелча зударшна ницкъ хилара, цIий ца соцуш, цхьаберш лара.

Шена леррина кечйинчу чохь, ток етташ къиза Iазап латтийра, бохуш дийцира Турсуна. ТIаьххьара а шена дукха чIогIа еттарна, салташка ша ер доьхуш хилла иза.

Уйгурашна а, казахашна а, гIиргIизошна а Китайх гIело еш хиларх а, уьш Синьцзянерчу "политикан кхетош кхиоран лагершкахь" латтош хиларх а лаьцна дуьненаюкъарчу адамийн бакъонаш ларйечу вовшахтохараллаша а, зорбанан гIирсаша а хаамаш беш бу 2017-чу шеран Охан-баттахь дуьйна. Цу лагершкахула чекхбевллачара дуьйцу цу чохь адамаш къизачу хьелашкахь латтош хиларх лаьцна.

Пекино тIе ца дуьту "политикан кхетош кхиоран лагершкахь" адамашна ницкъ бо бохург. Китайн адамийн бакъонашкахула йолчу бюрон векало Ли Сяоцзюна кхушара Гезгмашин-беттан 13-чохь, Reuters агенталлана интервью луш, иштта элира: "ХIан-хIа, центршкахь цхьа а Iаткъам беш бац. Шайн говзалла лакхайоккхуш бу уьш, тренингаш еш а бу уьш. Цул тIаьхьа царна дика болх карор бу, тхан низамаш а девзар ду".

Human Rights Watch дуьненаюкъарчу вовшахтохаралло Гезгмашин-беттан 10-чохь дIахаийтар арахийцира, Китайхь чубоьхкина латточу тутмакхийн хьелаш вуно вон хиларх лаьцна. Бакъонашларъярхоша критика йира Китайн Iедалшна. Цара кхайкхам бира Пекине лагершкахь латтош болу нах дIахеца аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG