ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ливанца дозанехь тIеман операци йоло дагахь ю Израил


ТIеман операци йолийна Израило Ливанца долчу дозанехь аьлла, хааме даьккхина Reuters агенталло. Израилхойн территори тIе жихIадхой дехьакхийса ливанхойн "Хезбола" тобано пайдаоьцу лаьттабухула даьхна некъаш схьа а лохуш, уьш дIадукъа Iалашо ю эскархойн.

Jerusalem Post газетано шинаридийнахь бинчу хаамца, хIинцале а цхьа туннель хIаллакйина цара.

Израилан тIеман Армин хьосташа дийцарехь, цкъачунна туннелашчухула дIасалелла бац жихIадхой, амма тIейогIучу заманчохь цаьргара кхерам хила тарло жуьгташна. Израилхойн дозан тIехь дIахьур йолчу операцина эскарш кийчча латтош ду цара.

Де хьалха Израилан премьер-министран Нетаньяху Беньяминан цхьанакхетар хилира Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретарца Помпео Майкца Брюсселехь. Шаьш вовшахтучу операцех а дийцина Помпейца Нетаньяхус. Масех кIиранчохь ерзо Iалашо ю церан операци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG