ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан хIордхой маьрша ца бахахь, кхерамаш туьйсу Iамерко Оьрсийчоьнна


Керчан гечонехь хиллачу инцидентехь дIалецна Украинан хIордхой дIахеца беза Оьрсийчоьно. Ца хуьлчу далахь, "тIаьхье" йолуш хир ду и гIуллакх Москохна. Вашингтонан тергонера дера долу хаттар дац иза аьлла, дIахьедина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан векало. Оьрсийчоьно "бала беза мах" Iамерко "хьалабоккхур бу" аьлла, тIетоьхна цо.

Оьрсийчоьнера лаьтта тIеман кхерам уггар боккхачух бу 2014-чу шарера схьа лерича аьлла де хьалха Украинан инарла штабан куьйгалхочо Муженко Виктора.

"Вайна хьалха лаьттарг агрессор ву, я бакъонан а, я гIиллакхен а, я кхи долу а доза а ца лардеш. Мичча хенахь а Украинана тIелетаран кхерам бу цуьнгахьара", - дIахьедина Муженкос Reuters агенталлаца динчу къамелехь. Ишта цо билгалдоккху, тIаьххьарчу кIиранчохь Украинаца лаьттачу дозане Оьрсийчоьно тIеман техника тIеозор а.

Украинан эскарийн буйранчаша хьалхо хаамбира, герзаш а тухуш, Украинан кхо тIеман хIорда кема лаьцна Оьрсийчоьнан ницкъаша Керчан гечонехь, аьлла. Лазийра ялх украинан хIордхо. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан (ФСБ) куьйгалло а бакъбира и хилам: доза дохорна Iаьржачу хIорда тIехь лаьцна Украинан кеманаш, аьллера цо.

ТIаьхьо оьрсийн кхело Ураинан 24 хIордхо шина баттана чохь сацош сацамбира. 6 шаре кхаччалц хан кхачайо царна, бакъо йоцуш Оьрсийчоьнан доза хадийна аьлла, бехкебарца.

Малхбузен пачхьалкхийн лидерша катоххий уьш маьршабаха аьлла, тIедожийна Москохна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG