ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн резиденци цIанъян 51 миллион сом дойур ду


Нохчийчоьнан бюджетера 51 миллион сом хьажор ду Соьлжа-ГIалара мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан доларчу хIусаман территереш дIацIанъян. Iедалан цIарах оьшург эца мах кхайкхочу сайт тIехь байначу беттан 27-чу дийнахь Iорабаьккхина и хаам. Тергоне эцна и информаци "Открытые медиа" интернет-хьостано. И ахча хьажо лерина бу Соьлжа-ГIаларчу шина урамера гIишлош битаме ялон. Кадыров Рамзанан резиденци олу оцу меттигах.

Кху беттан 17-чохь дIахьур йолуш ю ша аукцион. Конкурсехь тоьллачеран дезар ду оцу хIусамашчуьра кузаш цIандан а, зезагашна хиш детта а, гIишлойн уьйтIенаш цIанъян а, нехаш дIаяхьа а. 18 шарера 40 шаре кхаччалц хила беза белхахой аьлла, къастам бина заказхочо.

"Открытые медиа" хьостан информацица, Кадыровн резиденци Петарбухарчу "Зимний дворец" комплексал а йоккха лоруш ю.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG