Истанбулерчу векалт чохь оппозицин журналист Хашогги Джамал веран хьокъехь СаIуда Iаьрбийчоьнан ши вахархо лаца бакъо ехна Туркойчоьнан прокуратурано. Шеконашка эцнарг ву СаIуда Iаьрбийчоьнан талламхойн урхаллан куьйгалхочун гIовс лаьттина Асири Ахьмад а, элан хилла хьехамча Ал-Кахтани СаIуд а. Хашогги вийначул тIаьхьа балхара ца вохийна и шиъ.
The Washington Post газетан белхахо Хашогги Джамал вийра ГIадужу -беттан юьххьехь саIудахойн консулаллехь Истанбулехь. ТIаьххьарчу заманчохь Эр-Риядан политика емалъеш, артиклаш арахоьцура цо. Туркойн хаамийн гIирсаша яздира, СаIуда Iаьрбийчоьнан лаккхара урхалхой а, эла бин Салман а бехке хила тарло динчу зуламна бохуш.
Шинарийдийнахь Коьртачу Талламан Урхаллан (ЦРУ) къевлинчу брифингехь Iамеркан сенаторшна тоьшаллаш гайтина, эла Салман Хашогги верна бехкехиларан. СаIуда Iаьрбийчоьнна дуьхьал санкцеш йохур ю аьлла, чIагIо йина сенаторша.
Iамеркан президентна Трамп Доналдна оцу хьокъехь хетачуьнца бIостане ду сенаторийн дIахьедар. Хьалхо Трампа дIахьедира, журналист верна эла бехке ву бохург, къаьстина даьлла дац аьлла.
Цо ишта масийттазза дIакхайкхийра, Эр-Риядца юкъаметигаш мехала ю, Хашогги верца доьзна зIенаш хедор яц ша аьлла.