ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь "сий лардеш" йийначу 39 зудчух дийцина бакъонашларъярхоша


Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а беха зударий "сий лардеш" байар теллина бакъонашларъярхоша. "Правовая инициатива" боламан векалша динчу зерашца, 2013-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц билгалъяьхначу республикашкахь гергарчара шайн куьйгашца йийна 39 зуда.

Статистико гайтарца, доккхачу декъанна бойурш бу къона зудабераш, я марера цIабаьхкина зударий (юкъа-кара 20-30 шерашкара меразударий). Уггар дукха зударий байарца билгалъяьккхина талламчаша Дагестан, яздо "Комсомольская правда" газетано.

#УбитыСплетнями аьлла, хештегаш а хIиттош, информацин кампани йолийна бакъонашларъярхоша карарчу хенахь. Цуьнан гурашкахь дийца лерина ду Къилбаседа Кавказехь "сий лардеш" байинчу зударех.

"Правовая инициатива" организацино тидаме оьцу, дукха хьолахь йишина тIе куьйгдахьар юьртахь долийна эладитташ бахьана долуш нислуш хилар.

Меттигерчу дукхаъчу бахархоша нийса лору цу бахьанашца зударий байар. "Сий лардеш" зударий хIаллакбар "къизаллица лело дискриминаци ю" аьлла бакъонашларъярхоша. Церан зерашца, цу зуламна бехкеболчарех 42 процент стаг бен вац набахте кхочуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG