Оьрсийчуьрчу кхелахойн Кхеташоно низамаш кечдеш ду суьде вогIуш лардан деза, хаамбо оьрсийн кхелан а, нийсонан а информацин агенталло (РАПСИ). "Карарчу заманчохь оцу документ тIехь къахьоьгуш ю кхеташонан комисси", - аьлла, дIахьедина куьйгалхочо Мамонтов Виктора.
Хьалхо юридикан министралло дехар дира Федералан адвокатийн палатан президентан Пилипенко Юрийн кехатна жоп луш, оьрсийн бахархой кхелан гIишло чу боьлхуш церан духаран терго ян еза аьлла.
Масална далийра Пилипенкос, Ленинградан кIоштахь пурстоьпаша кхелан кхеташоне теш чу ца витарх, цуьнан тIехулара куц бахьана долуш. Конфликт иккхира цу тIехула кхелан белхахошна а, адвокатна Голодович Лидияна а юкъахь.
Ишта, стохка аьхка Мордоверчу адвокатийн палатано статусах ваьккхира меттигера юрист, кхеле бакъахьа доцу духар а доьхна варна. БIаьргах маьлхан куьзганаш а доьхкина, майка а, джинсан пхьуйшаш доцург а, шорташ а йоьхна, бандана коьрта а тиллина веанера иза.