Дахначу шоьтадийнахь Соьлжа-ГIалахь некъахьовзамехь йийна 1996 шарера зуда а, цуьнан 3 шо долу йоI а. Зудчун цIийнда чолхечу хьолехь дарбан цIийнехь ву. Цуьнах лаьцна хаам бо республикан чоьхьарачу гIуллакхийн ГИБДД-н урхаллас шен инстаграм агIонехь. Бохам хилла Ханкальская урамехь шийтта сахьт долуш. Вовшахкхеттарг ю ВАЗ 2107 а, Mercedes Benz а. Кхелхнарш хьалхарчу машенахь хилла. Коьрта бахьана ду, дихкинчул а машен чехка йигар.
Дийцарехь, Mercedes-ан урхалла деш хилла Шела кIоштан администрацин куьйгалхо, Нохчийчоьнан урхалхочун шича Ибрагимов Турпал-Iела (Быстрый). "Кавказ.Реалии" порталан информацица, бохаман тешаш хиллачаьргара телефонаш дIайохуш хилла Ибрагимовс, суьрташ, видео социалан машанашкахула цаьрга дIаса ца даржадайта.
Шинаридийнахь Шелан префектан гоно некъан инцидент хиллачу меттигехь бехачеран чу а оьхуш, талламаш бина церан гаджеташ чохь, бохамах лаьцна суьрташ лоьхуш. Кадыров Рамзана хIинцале а гIайгIа бина, шен гергарчу стагна чIир ца хьеяйта, яздо "Кавказ.Реалиис".
Хаа а хууш, некъан низамаш ца лардийраш террорхой бу, царна ден таIзар луьра хила деза аьллера Кадыров Рамзана 2015-чу шарахь.
Ишта цо чIагIо йира, некъан низамаш хьошучарна таIзар дийр ду ша, шен гергара нах а цхьана юкъара а ца бохуш, аьлла.