ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра школаш кхаа рожера дIаяха ахча лур ду тIедогIучу шарахь


Школашкара кхаа рожера дешар шина роже дерзо карадогIучу шарахь ахча хьажор ду Нохчийчу. Ишта программи юкъа яхна Буряти а, ГIалгIайчоь а, Дагестан а. 11 миллиард сом билгалдаьккхина школашкара проблема цхьалхаяккха.

Цо бахарехь, таханалерачу дийнахь махкарчу 70 школехь бераш кхаа рожехь доьшуш ду. ТIаьххьарчу 4-5 шерашкахь Нохчийчохь 30 сов школа схьайиллиншехь, хьал хийцалуш дац аьллера мехкан куьйгалхочо, республикехь бераш дуьненчу дийлар лакхара хиларна. Иштта регионашкахь кхин а 59 школа йийр ю 35 эзар берана лерина.

Кху шеран Гезгамашин-баттахь Оьрсийчоьнан премьер-министрца Медведев Дмитрийца Москох хиллачу цхьанакхетарехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцарединера, махкарчу школашкахь бераша кхаа рожехь доьшуш хиларх.

Школаш тIехюьзна хиларца "Кавказан республикашкарчу доьшийлашкахь хьал ира лаьтташ хилар" билгалдоккхуш, Медведевс дош деллера, регионна оьшу гIо дан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG