ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Урс дохьуш школе а веана, кхерамаш туьйсу Москохарчу доьшийлехь кхиазхочо


Москохарчу цхьана школан дешархочо урсаца кхерамаш тийсина хьехархочунна, цул тIаьхьа ша шен вуьйр ву ша аьлла, дIахьедина. Кхиазхочуьнца дийцарш дIахьош бу полисхой. ТАСС агенталло бина и хаам, Москохарчу чоьхьарчу гIуллакхийн Коьртачу урхаллан пресс-гIуллакхойн информацина тIе а тевжина.

Хьалхо школерчу инцидентах дийцира Mash телеграм-канало. Цо яздарехь, 16 шо долу кIант лоьмар 1359 йолчу школе веана хилла урс дохьуш. Доьшийлан хадархочун а, администраторан тидам хиллера, цуьнан куртки чухула кхозучу дехачу урсан. ТIехулара бедарш дIаухкучу хIусамчу кIант вахча, неI къевлинера хадархочо, иза бале ца валийта дешархошна. Делахь а, кIентан аьтто баьлла цу чуьра аравала.

Ша шена тIе куьйг хьур ду а бохуш, кхерамаш туьйсуш лаьтта и кIант школан учахь, кхайкхина ялийначу шен ненаца къамел дан а дуьхьало йина. "Интерфаксо" яздо, бераш а, хьехархой а школачуьра арабаьхна аьлла.

Mash гIирсо къадийна, шен нийсархошца юкъаметтигаш шийла латтарх цу кIентан, амма хIинццалц схьа шегара агресси гайтина ца хиллера цо боху. Школан психолог а хилла кхиазхочуьнца болх беш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG