Талламо гайтина, стохка гурахь Хьалха-Мартанарчу кIоштан дарбан цIийне далийна бер ГIойтIарчу "Солнышко" берийн бешахь делла хилар. Оцу бахьанашца бехкзуламан гIуллакх долийнера берийн бешан куьйгалхочунна Сембиева Зулиханна дуьхьал, шех тешийначу берашна кхачо йоллуш кхерамзалла ца латторна. ГIуллакх теллинчул тIаьхьа республикан прокуратурано Хьалха-Мартан кхеле дIахьажийна кхи дIа листа.
Талламчаша чIагIдарца, ши шо а кхачанза хилла берийн бешан куьйгалхочо дIаэцна кIант. Дийнахь бераш дIадуьйшинчу хенахь маьнгийн шина чIуна юкъахь корта а биссина, садукъделлачохь велла хилла и кIант.
Шен шерашца вижо йиш йоцчу маьнги тIе вижина хилла иза аьлла хета талламчашна. Цу тIе, терго йоцуш еххачу ханна шаьш дитина а хилла бераш.
Оьрсийчоьнан Бехктакхаман Кодексца а догIуш 6 шо гергга хан кхачайо набахтехь яккха Сембиева Зулиханна.