2014-чу шарахь Москохарчу орцан министраллан белхахошна Нохчийчуьрчу тобано тIелатар дина аьлла, долийначу гIуллакхна бехкебечу вежаршна ЦетиевгIарна Сайд-Мохьмадна а, Хьусайнна а, Ражапов Хьамидна а тIера бехк дIабаьккхина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Коьртачу талламан урхалло. "Коммерсанто" яздарехь, талламчаша тIечIагIдина, гIуллакх толлучу заманчохь СИЗО-хь кхо шо гергга хан яьккхина кегийрхой бехке бац аьлла. Бехк боцуш лаьцна латторна ЦетиевгIарна а, Ражаповна а компенсаци даккха Iалашо ю церан адвокатийн.
Маршо Радионо шен агIонашкахь дийцира, Ражапов а, вежарий ЦетиевгIар а 2014-чу шарахь дуьйнна бехк хьарчийна, чохь латтош хиларх. Талламо чIагIдора, Москохарчу Внуково кIоштахь цара орцанхошна йиттина хилар а, иштта бехкебора 8 стагна, уьш байа Iалашонца, кIело ярна а.
Адвокаташа кхааннан а алиби хилар чIагIдора, ишта инцидент хиллачу меттигехь видеокамераша дIа а яздинчо а гойтура уьш гунахь цахилар.
Стохка аьхка кхело гIуллакх прокуроре юха а луш, маьрша баьхнера кегийрхой, амма тахханалц аьтто ца белира адвокатийн царна дуьхьал долийна гIуллакх дIакъовлийта.