ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малхбузен пачхьалкхашца юкъаметтигаш тоян лаам бу Оьрсийчоьнан бахархойн


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташца а, Европаца а юкъаметтигаш тоян еза аьллачу Оьрсийчоьнан бахархойн терахь цхьана шерачохь 24 процентера 36 % хьаладаьлла. "Левада центро" дина цу кепара жамIаш. 43 процент респонденташа "хIаъ, тоян еза" аьлла, ткха 16 проценто оьшуш дац аьлла Малхбузен пачхьалкхашца уьйраш нисъян.

Оьрсийчоьнна дуьхьалйохучу санкцешна сагатдечийн терахь кхиъна: 7 процентера 20 %. Оццул процент респонденташа шайн бала бац аьлла деттачу дозанашца.

Оцу юкъанна Малхбузене негативаца хьоьжу оьрсийн бахархой, билгалдоккху социологаш. 57 процент хаттам биначара шайн Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташца гамо ю аьлла, ткъа Евробертан пачхьалкхашка безам бацар хаийтина 49 процент бахархоша.

2014-чу шарахь дуьйнна телхина йогIу Оьрсийчоьнан а, Малхбузен а юкъаметтигаш. ХIетахь, Оьрсийчоьно ГIирмина аннекси а еш, Украинерчу конфликтна иза юкъагIоьртича, Малхбузен пачхьалкхаша санкцеш дуьхьал ехира Москохна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG