ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен Инстаграм а, Фейсбук а дIакъовларан бахьанаш довзийтина нохчийн куьйгалхочо


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкарчу кегийрхойн шегахьа интерес марсаяларна блок туху шен Фейсбукерчу а, Инстаграмерчу а аккаунташна аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Медиан форумехь соьга хоьтту, Инстаграмера а, Фейсбукера а хьан агIонаш дIакъовларан бахьанаш хIун ду. Дийца-м хIуъа а дуьйцур ду. Ма- дарра аьлча, пачхьалкхан департамент а, Iамеркан къайлаха сервисаш а саготта ю, сан йозанаш бIеннашкахь эзарнашкахь Iамеркахоша доьшуш хиларна. Комментареш йора цара, соьга директе кехаташ яздора", - яздина шен Телеграм-каналехь Кадыровс.

"Оцу пачхьалкхерчу кегийрхошлахь со гоьваларо сингаттам латтабарца дIакъовлуш ю сан аккаунташ. И ду коьрта бахьана. Цкъа санкцеш хьехий цара, сан говрийн бакъонаш а цхьана талхош, хIинца Нохчийчоьнах а, Оьрсийчоьнах а бакъйолу информаци шайн бахархошна дIа ца кхочуьйту. Мичахь ю дешан маршо а, демократи а?", - аьлла, билгалдаьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG