ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магаданерчу пенсхочо шена тIетоьхна ахча Медведев Дмитрийна юхадахьийтина


Шен пенсина тIетоьхна 683 сом Оьрсийчоьнан премьер-министрна Медведев Дмитрийна юхадала дагахь ву Магаданера къинхьегаман ветеран Попов Владимир.

"Магаданский скептик" цIе йолчу Фейсбукерчу группехь бечу хаамца, "пенсхошца латточу къисамна" гIоьнна дохьуьйтуш ду Поповс и аьшне соьмаш.

Фейсбукехь хIоттийначу постца ши документ ду Iорадаьккхина: къинхьегаман ветеран хиларе терра, "Магаданан социалан центрера" Поповна 683 сом 66 кепек ахча тIетоьхна аьлла, бинчу хааман копи а, регионерчу социалан центран цIарах Поповс дахьийтина кехат а ду, шен пенсина тIетоьхначу оцу соьмаша "шен сий дойу" аьлла, яздина долу.

"Со догйовха ву, оцу ахчанах пенсхошца а, адамашна а дуьхьал къийсам латтош мел а гIо хир ду шуна аьлла", - яздина Поповс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG