ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан а, Нохчийчоьнан а дозанех дуьйцур ду Васильевс а, Кадыровс а


Соьлжа-ГIалахь дIайоьдучу медиафорумехь билгалдаьккхина, тIейогIучу заманчохь Дагестанан куьйгалхочуьнца Васильев Владимирца цхьанакхета лерина хиларх Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Шина субъектан административан дозанех дуьйцур ду цу цхьанакхетарехь.

Васильевс ма аллара, коллегашна вовшашца дийца карадо. "Тхан хеттарш ду. Дукха лерина луьстур а ду оха уьш, эшахь, хIора вахархочуьнца къамел а дийр ду", - аьллачу Васильевн дешнаш далийна "Черновик" хьостано.

Ауховн кIошт юхаметтахIотторан хаттар айдан а тарло шина республикан куьйгалхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG