ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаевн гIуллакх Москох таллар тIедожийна адвокаташа


Екатеринбургехь бизнесхо Арутюнян Ашот веран гIуллакх толлучара тидаме ца оьцу бехкевечу Хасаев Мовсаран алиби хилар а, иза бехке вац бохуш, ден тоьшаллаш а дуьту тергамза аьлла, дIахьедина цуьнан адвокато Абубакаров Жабраила. Хасаевн гIуллакхах информаци шайга дIакхаьчна аьлла, тIечIагIдина адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан куьйгалхочо Федотов Михаила.

"Оха дехар дина Свердловск кIоштан омбудсмене Мерзлякова Татьяне, оцу гIуллакхан терго яр доьхуш. Мерзлякова нийсоне гIерташ, жоьпалле стаг ю. Бакъо толор ю аьлла хета суна иза юкъагIоьртича а", - аьлла Федотовс.

Ведана кIоштарчу вахархочунна тIехIоьттина Нохчийчоьнан куьйгалхочун Свердловскера векал Мамаков Салавди а. "URA.RU" хьостан хаамашна тIе а тевжаш, Маршо Радионо шен агIонашкахь дукха яздира, 2011-чу шеран бIаьста Екатеринбургехь Белинскийн урамехь герз тоьхна криминалан гонашкахь дика вевзаш хилла Арутюнян Ашот вийна аьлла, кху шеран Дечкен-баттахь Устрада-гIала а баьхкина, меттигерчу ОБОП-н белхахошца цхьана лаьцна, дIавигинчу Хасаев Мовсаран хьокъехь.

Свердловскан кIоштарчу Талламан комитетера Оьрсийчоьнан Талламан комитете Хасаевн гIуллакх листар дехьадаккхар тIедожош, кехат дахьийтина комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран цIарах адвокато Абубуакаров Жабраила, яздо "Кавказан узел" агенталло.

"Веданара бIе гергга вахархо догреза ву кхеле а веана, мукIарло дан, Арутюнян вийначу дийнахь шен деваша дIавуллучу тезетахь вара Хасаев Мовсар аьлла. Оцу нахалахь бу республикехь лараме болу динан векалш а. ХIетте а цаьрга ладогIар, уьш лебар тIе ца дуьту талламчаша, - аьлла адвокато.

Ишта латкъамаш бина ХасаевгIеран гергарчара, шайна тIаьхьа бевлла лелаш нах хиларна. "Тхуна юьхьадуьхьал бевза тхайн лар лаьцна лела нах, оха телефонашкахула дечу къамелашка а цхьана ладоьгIу цара…Амма и дерриг а кIезиг хIуманаш ду, тхан вешина дуьхьал бехк боцуш даьккхинчу гIуллакхца дуьстича", - аьлла Хасаев Мовсаран вашас Шемала.

XS
SM
MD
LG