ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницкъахойн декъехь болх бинарг велла карахь граната а иккхина


Нохчийчохь ларамаза куьйгахь граната а иккхина стаг велла. Иза ву Баса-ГIалара (станица Ильинская, Соьлжа-ГIалин кIошт) вахархо Гайдуков ШаIман. Бохам хилла даханчу кхаарин дийнахь, оцу юьртана гена доццуш охьадогIучу хи тIехь. Шен доттагIца чIара лаца Iалашонца вахана хилла иза цига.

Болчу хаамца, хинкеманахь Соьлжехула и шиъ охьавогIучу хенахь, ШаIмана оьккхуьйтург схьа эцна. Дийцарехь, иза хи чу а кхоьссина, чIара къарбан ойла хилла цуьнан. Амма цхьаъ нис а ца делла, граната цуьнан керахь иккхина. Хиллачу зенах ШаIман меттигехь кхелхина, ткъа цуьнан накъостан когана чов йина.

Маршо Радионе кхаьчначу хаамца, 2006-чу шарахь Нохчийчохь кхоьллинчу "Юг" батальонан юккъехь Гайдуков ШаIмана дакъа лаьцна Iедалша хьаннашкарчу тIемалошна дуьхьал дIахьочу операцешкахь. ТIаьххьара масех шарахь а ницкъаллин структурехь болх а бина цо.

Маршо Радион хьостано дийцарехь, Iедалхоша дихкина, дакъа цIадерзош хиллачарна шайна гинарг даржор.

Гайдуков ШаIманах тIаьхьдиссина ялх бер а, ши зуда а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG