ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь белхазалла 76 процентера 8, 3 % охьаяьлла


ТIаьххьарчу итт шерачохь Нохчийчохь 76 процентехь лаьттина белхазалла 8,3% лахъелла аьлла, дIахьедина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Кхин а 3-4 шо далахь белхан къоьлла янне а хир яц Нохчийчохь аьлла цо. Еаридийнахь дIаяьхьначу "Инвестируй Кавказ" бизнес-форумехь дина цо и къамел.

"Вайн дуьйлалучу хенахь муха дара хьал…Схьаоьцр вай 2007-гIа шо: республикан бюджет 9 миллиард сом, белхазалла – 76 %. ТIаьххьарчу шерашкахь вай юкъаялийна 550 миллиард соьмана инвестицеш, цундела 8, 3 проценте ялийна вай белхазалла тахана", - аьлла Кадыровс.

Ишта мехкан куьйгалхочо билгалдаьккхина, республикан Iедалхой кийча хилар инвесторшна оьшу хьелаш а кхоьллина, цара чуеана проекташ чекхъяххалц цхьана къахьега.

"Тхан республикехь къуй бац, жоьлкаш яц. Нохчийчу богIу хьеший тешна, кху республике инвестицеш хьажо мегар ду аьлла", - билгалдоккху Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG