ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Грозный" телеканалан а, Кадыровн а реакцига хьоьжу Нохчийчуьра бахархой


Соьлжа-ГIалахь хаьхкина йогIу Мерседес кхечу машенна тIе а тухуш, цу чохь хилла зуда а, йоI а юьйш хиллачу некъан бохамна куьйгбехкениг Шела кIоштан администрацин куьйгалхо, Кадыров Рамзанан шича Ибрагимов Турпал-Iела хилар Iорадаьлла республикехь.

Социалан машанашкахь бахархоша пост дIасаяржийна: "Автомобилан долахо чолхечу хьолехь дарбан цIийнехь ву. Ткъа Мерседесан" шоферна зен ца хилла. Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканалера хиллачух репортаж ларъеш ду тхо… Ишта сатуьйсу оха Кадыровс ден долчу дIахьедаре а", аьллачу дешнашца.

Билгалдоккху, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь а информаци гучуяьлла, Соьлжа-ГIалахь хиллачу инцидентах. Амма дуьйцуш дац, бехкечунна дуьхьал долийначу гIуллакхах а, ден долчу таIзарх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG