ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а куьйгалхоша шина регионна юкъара посташ дIаяха бартбина


ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а Iедалхойн бартхилла шина субъектна юкъара посташ дIайохуш аьлла, хаамбина гIалгIайн куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека.

Шаьшиннан гIулчца йоллу Къилбаседа Кавказерчу регионашна масал гайта воллу аьлла, билгалдаьккхина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо. "Адамашна юкъахь данне а дац дозанаш. ХIинццалц а санна юкъаметтигаш лелор ю кхин а тIехдика. Доллучух а кхета цхьа хан оьшу, кхиаме гIертар ду-кх вай", - аьлла Евкуров Юнус-Бека.

Къилбаседа Кавказан субъекташна юкъара блокпосташ дIаяха еза аьлла, кхайкхамбира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Къилбаседа Кавказан регионаша административан дозанаш дIацIандан деза блокпостех. Массо а республикашна юкъахь посташ ю хIиттийна. Царех хуьлуш пайда а бац. Зуламхой дехьа ца билийта тухуш ду и зайлаш? Царна дехьа-сехьа бийла некъаш карор ду ишта а. Вуьшта, бахархоша дукха хан йойу цу дуьхьалонех чекхбуьйлуш", - аьлла, яздинера Кадыровс шен Телеграм-каналехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG