ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каримов: Нохчийчохь дац "доьзалан сий лардеш" зударий байар


Нохчийчохь дац "доьзалан сий лар деш" зударий байар, хIунда аьлча, республикехь оьздангаллех боьхна зударий бац аьлла, дIакхайкхийна мехкан куьйгалхочун пресс-секретаро Каримов Iалвис "Интерфакс" агенталле. Къилбаседа Кавказехь "сий лардо" а бохуш, зударий хIаллакбарх "Правовая инициатива" фондо бинчу талламах лаьцна вистхуьлуш дина цу кепара дIахьедар Каримовс.

"Правовая инициатива" фондан векалша динчу зерашца, 2013-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц билгалъяьхначу республикашкахь гергарчара шайн куьйгашца йийна 39 зуда.

Статистико гайтарца, доккхачу декъанна бойурш бу къона зудабераш, я марера цIабаьхкина зударий (юкъа-кара 20-30 шерашкара меразударий). Уггар дукха зударий байарца билгалъяьккхина талламчаша Дагестан, яздо "Комсомольская правда" газетано.

#УбитыСплетнями аьлла, хештегаш а хIиттош, информацин кампани йолийна бакъонашларъярхоша карарчу хенахь. Цуьнан гурашкахь дийца лерина ду Къилбаседа Кавказехь "сий лардеш" байинчу зударех.

"Правовая инициатива" организацино тидаме оьцу, дукха хьолахь йишина тIе куьйгдахьар юьртахь долийна эладитташ бахьана долуш нислуш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG