ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москальковас дехар дина Пономарев маьршаваккха аьлла


Оьрсийчоьнан президентан цIарах адамийн бакъонаш ларъян векал йинчу Москалькова Татьянас дехар дина Москох гIалин кхеле, 25 денна а, буьйсанна а лаьцна латточу 77 шо долчу бакъонашларъярхочун Пономарев Леван гIуллакх юха къастор, "гуманизмехь, къинхетамехь, нийсонехь".

"Суна хетарехь, цунна таIзар деш, тергоне ца эцна, иза ханна воккха хилар а, могуш ца хилар а, иза юкъаралхо хилар а", - аьлла Москальковас шен официалехь Москохарчу кхеле динчу дIахьедарехь. Пономаревна дуьхьал даьккхина гIуллакх юха а даккхий, иза дIахецар тIедожийра Москохарчу Хельсинкан тобано (МХГ) а.

Сил къиза таIзар деш кхело тIеэцна сацам "цхьа а агIо йоцург ду" аьлла бакъонашларъярхоша. Пономарев Лев чуволлар маршо хьашар а, цо бен болх бахьана долуш дина таIзар а ду аьлла МХГ-н белхахоша а.

Цхьааллин пикеташ дIаяьхьна Москох Пономарев арахецар доьхуш.

Кху беттан 5-чохь дуьйнна дIалаьцна ву Пономарев, "Новое величие", "Сети" гIуллакхашна тIехула бехкебечарна тIехIуттуш акци дIаяхьарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG