ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Якутерчу набахтехь мацалла кхайкхийна тутмакхаша


Якутерчу лоьмар 1 йолчу колонерчу исс тутмакхо мацалла кхайкхийна, шаьш гIуда тухучу изолятор чу кхийсича. ТаIзарш кхочушдаран федералан урхаллан (ФСИН) сайтехь бина и хаам. Дахначу шинаридийнахь даржийра, ворхI тутмакхо шайн баганаш дIатегна аьлла. Цара протест йинера, шаьш латточу хьелашна реза ца хиларна а, колонин белхахоша шайна еттарна а. Чохь латточийн ца хиллера Iаьнан бедар, гоьнаш ца хиларна шийлачу цIенкъахь бийша декхарийла хуьлура уьш.

Царна етташ стаг а вац, мел оьшург йолуш ю церан аьлла, дIахьедина ФСИН-ан белхахоша. Амма бакъдина цара, гIуда тухучу изолятор чохь шайн могушаллина зенаш цара дина хилар.

Дуьххьара дац, Оьрсийчоьнан набахтешкарчу лецначара латкъамаш бар, шаьш латточу хьелашна а, набахтийн белхахоша шайна тIехь ницкъабарх, аьшнашдарх.

Кху аьха "Новая газетано" зорбане яьккхира, тутмакхна Макаров Евгенийна тIехь Ярославерчу набахтехь Iазап латтош яьккхина видео. Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх айдира хIетахь бехкеболчу колонин белхахошна дуьхьал, ишта кхетош-кхиоран белхан хьаькаман гIовс таIзаре хIоттийра.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG