ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъан бохамехь хилларг Кадыровн шича вац аьлла, дIахьедина Iедалхоша


Шела кIоштан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Iела

Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло цIе яьккхина, Соьлжа-ГIалахь нах бойуш хиллачу инцидентехь бехкеволчун. Шела кIоштан администрацин куьйгалхо, Кадыров Рамзанан шича Ибрагимов Турпал-Iела ца хилла иза, цуьнан маьхча ву, бехкзуламан гIуллакх а долийна цунна дуьхьал аьлла, дIахьедина министраллехь.

"Кавказан узел" агенталло хаттам бинчу политологашна хетарехь, Iедалхойх тешам бацарана, бахархоша бехкевина Шела кIоштан хьаькам.

Маршо Радионо яздира, социалан машанашкахь махкахоша йозанаш дитарх: "Автомобилан долахо чолхечу хьолехь дарбан цIийнехь ву. Ткъа Мерседесан" шоферна зен ца хилла. Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканалера хиллачух репортаж ларъеш ду тхо… Ишта сатуьйсу оха Кадыровс ден долчу дIахьедаре а".

Соьлжа-ГIалахь хаьхкина йогIу Мерседес кхечу машенна тIе а тухуш, цу чохь хилла зуда а, йоI а юьйш хиллачу некъан бохамна куьйгбехкениг Шела кIоштан администрацин куьйгалхо, Кадыров Рамзанан шича Ибрагимов Турпал-Iела ву аьлла, маса Iорадаьллера республикехь. Машенан урхалла дийриг реанимацехь кхетамчу ванза ву.

ПIераскандийнахь официалехь комментарий йитина Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхалло, некъан бохамехь хилларг Кадыров Рамзанан шича вацара, Шела кIоштарчу администрацин куьйгалхочун Ибрагимов Турпал-Iелин маьхча ву аьлла.

Баккъал а бух бацахь а, Iедалхошна хIост дан кийча болу нах дукха бу бахархошлахь. Бахьана лору эксперташа: шайна бакъ критика йича и тIелаца нохчийн Iедалхой дера хилар.

"Нохчийчохь бозуш боцу хаамийн гIирсаш бац. Ткъа Iедална муьтIахь долчу хьосташа, цхьабоса хеставо мехкан куьйгалхо а, цуьнан го а. Собар кхачадо эххар а: Iедал кIордийна, йоллу дIакхачо информаци царна хастам беш хуьлу, цундела лаьа кхечу, Iедална герга доцчу хьостан информацех теша. Iедалх тешам бар ду иза", - аьлла политолога Орешкин Дмитрийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG