ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарахь лецна гIалгIай ледарчу хьолехь латтош бу аьлла церан гергарчара


Кху шеран Марсхьокху-баттахь Каирехь лецна гIалгIайн студенташ тIулгийн чоьнаш чохь, буха яхка гоьнаш а йоцуш, чомахь юург а ца луш латтош бу аьлла, "Кавказан узел" агенталле латкъамаш бина лецначу кегийрхойн гергарчара.

Цхьана а кепара реакци а йоцуш арахьарчу гIуллакхийн министралло тесна дитина гергарчийн кехат. Церан балхана тIехь шаьш терго латтор ю аьлла, тIелаьцна Путинан администрацехь.

Маршо Радионо яздира, байначу беттан 7-чу дийнахь дийца даккхарх ГIалгIайчуьра пхи студент Мисарахь лаьцна, вигина аьлла. ХIетахь дуьйнна уьш болу меттиг къайлаяьхьна ю аьлла, цхьахволчун йишас дарединера "Кавказан узел" агенталле.

Дахначу кхааридийнахь Мисаран векалте дехарца кехат чуделлера гергарчара, гIо доьхуш, ткъа шолгIачу дийнахь арз дира, дипломаташа шайн дехар тесна дитарх.

Хьалхо Мисарахь лецна латтийна, маьршабаьхначу кегийчу наха дийцина, шаьш а, ГIалгIайчуьра кегийрхой а "къайлах латточу набахте дIадигарх, дехха хетттарш дарх а" шайга.

"Тхан бераш адам дита таро йоцчу меттигехь латтош ду боху. Бетонан цIенкъа, йоцу гоьнаш, мацалла ца баллал дийнахь цкъа цхьа юьхькаш ло боху", - хаамбина лаьцна вигинчу Дугиев Хизиран нанас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG