ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чехин репортеро Нохчийчуьрчу тIамах язйина книга ешар тIедиллина Варшаверчу кхело


Варшавехь бусулбачу зудчунна тIелатар динчу Полшин вахархочо еша еза Чехин тIеман репортеро Прохазкова Петрас Нохчийчуьрчу тIамах лаьцна язйина книга. Ишта сацам тIеэцна Варшаверчу кхело кху кIиранах. Цул совнах, набахтехь баккха биъ бутт хан а кхайкхийна суьдхоша полшхочунна.

Дахначу шеран гурахь тIелатар динера Б.Камила бусулбачийн духарца йогIучу жимчу зудчунна, шена тIехь терго латтайора цо аьлла.

Ткъа кхелехь зудчо латкъамбинера, шена уллохула тIехволучу Камила, Мухьаммад Пайхамар аьшнашвеш, дешнаш аьллера шега аьлла.

Цул тIаьхьа цуьнан сурт даккха гIоьртинера и зуда, полицига дIавалхо дагахь. ОьгIазечу Камила некъатIера дIа а тоттуш, мийра тоьхнера цу зудчунна. И сурт гинчара ишта дарединера, синагоге воьдучу ортодоксан жуьгтица а девне ваьллера Камил аьлла.

Бусулба зудчун сий дайа гIортарна а, юкъараллан къепе йохорна а аьлла, Полшин вахархо бехкевина Варшаверчу кхело. Ишта цунна тIедиллина цхьана эхашерачохь Прохазкова Петрас язйина "Алюминевая королева: русско-чеченская война глазами женщин" (The Aluminium Queen: The Russian-Chechen War Through the Eyes of Women) книга еша а, цул тIаьхьа цуьнан чулацамах шена хетарг яздина, кхелахошка чудала а.

Юьйцучу книги тIехь авторо дIаязйина ялх нохчийн а, оьрсийн а зударшца ша йина интервью. Цара дуьйцу Нохчийчохь бинчу тIамах шайна хетарг. ТIеман трагеди а йовзуьйтуш, доллу дуьненна дIахаийта гIерта Чехин журналист, мел чIогIа экстремале хьелаш хIиттахь а, и зударий баха а, шайн гергара, шайна беза нах Iалашбан гIертарх кхерамах, шелонах, мацаллех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG