ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ТIулг санна аьрта" вара пачхьалкхан секретарь лаьттина Тиллерсон аьлла Трампа


Пачхьалкхан хилла секретарь Тиллерсон Рекс "тIулг санна аьрта" а ву, "воккха малонча" а ву аьлла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда. Цо бахарехь, Iамеркан дипломатин урхаллехь волчу стагна оьшу амалш яцара Тиллерсонан. ХIинца волчу пачхьалкхан секретара Помпео Майка бечу балхах дозалла до ша аьлла Трампа.

ПIераскандийнахь CBS канална еллачу интервьюхь Тиллерсон Рекса дIахьедира, шен Трампца юкъаметтигаш телхина, шаьшиннан мехалаллаш кеп-кепара хиларна аьлла. Ша масийттазза президенте дIахоуьйтура, цуьнан цхьадолу тIедахкарш низамашкахь дац олий. Амма билгал ца даьккхина Тиллерсона, муьлха тIедахкарш дуьйцу ша.

Зазадоккхучу-баттахь Тиллерсон пачхьалкхан секретаран даржера вохийра Трампа. Цхьа шо гергга хан бен ца яьккхира цо оцу урхаллехь.

Хаамийн гIирсашкахь яздарехь, барт ийгIинера президентан Тиллерсонца Къилба Корейн проблемаш а, ГIажарийчоьнан зарратан бертан хеттарш а бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG