Дагестанан Эндирей олучу эвлан гонашкахь тIемало ву аьлла, стаг вер - кху шарахь хилла 4-гIа инцидент ю аьлла, хьесап дина "Кавказан узел" агенталло. ПIераскандийнахь герзаца волу стаг вийра ницкъахоша Хаси-Юьртарчу Эндирейн гергахь дIаяьхьначу леринчу операцехь. Структурашкарчу хьостано даредарца, "эндиреевхойн" тобан тIаьххьара декъашхо вара иза.
Цул хьалха ГIадужу-беттан 13-чохь хилира цхьа инцидент. Эндирейхь цхьана цIийнах хьовсучу заманчохь чевнаш йира полисхочунна. Герз деттачу хIусамна го а лаьнца, полисхоша цу чуьра ши стаг вийра хIетахь.
Кхечу хьостан хаамашца, "Кизил-юьртарчу" цхьана зуламхойн тобанера хиллера и ши стаг. 19 шо долу Гаджиев Дагир а, 29 шаре ваьлла Билалов Муса а ву аьлла, Iора а ехира церан цIераш. ФСБ-н спецназан шина эскархочунна а, Росгвардин цхьанна а чевнаш йира цу операцехь.