ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амнисти кхайкхоре сатуьйсуш бу тутмакхаш


RUSSIA -- An entrance of the Lefortovo prison, in Moscow, November 30, 2018
RUSSIA -- An entrance of the Lefortovo prison, in Moscow, November 30, 2018

Оьрсийчоьнан Конституцин 25 шо кхочу кху беттан 12-чохь. Цу дийнахь кхайкхочу амнистига сатуьйсуш бу дуккха а тутмакхаш. Адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан векалша инициатива кховдийна, цу дийнахь амнисти йийр ю аьлла хеташ. Оьрсийчоьнан президентехула адамийн бакъонаш ларъечу Кхеташонан урхалхочо Федотов Михаила хьехна цу дийнахь зуламаш динарш а юкъабахийтар амнистина.

Президентан Путин Владимиран цIарах лерина дехар дан дагахь бу цу хьокъехь Оьрсийчохь болх бен бакъонашларъярхой. Билгалдаккха догIу, нагахь Конституцин 25 шо кхочучу дийнахь амнисти дIакхайкхаяхь а, цу юкъа бахнарш маьршабовла тарло 2019-гIа шо карадеанчул тIаьхьа.

Амнистех дог дохийла яц къиза зуламаш дина лецначийн. Амнисти хьакхалур ю доьзалхочух болчу зударех а, 18 шаре бовлазчу кхиазхойх а, доьзалехь кегийн бераш долчех а, могушаллица проблемаш йолчех а, ОвхIанистанехь а, Нохчийчохь а тIемашкахь хиллачех а, Чернобылехь иккхинчу бохамехь дакъалаьцначех а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG