ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ: Украинера хIордхой - йийсархой бац, Украинана а. Оьрсийчоьнна а юкъахь тIом бац


Три корабля ВМС Украины отбуксированы в порт Керчи
Три корабля ВМС Украины отбуксированы в порт Керчи

Байначу беттан 25-чохь Iаьржачу хIорда тIехь дIалецначу украинхойн тIеман кеманаша Керчан гечонехь доза дохийнера аьлла, дIахьедо Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша. Шоьтадийнахь брифингехь ФСБ-н векалша дIакхайкхийна, Украинерчу хIордхоша хьалххе хаам ца бинера шайга, шаьш гечонехула дехьа довлуш ду аьлла. Цул совнах, украинхойн тIеман катерш кийча хиллера тIамна аьлла къайлахчу сервисаша.

Керчан тIайна дуьхьал Украинерчу кеманаша цхьа провокаци ярна кхоьруш, инцидент хиллачу дийнахь дехьадовлийла дIакъевлинера шаьш аьлла ФСБ-н векалша. Украинхойн кеманашна тIе Оьрсийчоьнан дозанхоша герзаш деттар а, бух болуш дара аьлла цара. Ишта цара дийцарехь, хIордхошна герзан чевнаш яц йинарш, кеман гонашна диттинчу герзийн геригаша лазийна уьш.

Оьрсийчоьнна а, Украинана а юкъахь тIеман хьал ца лаьтта, цундела олийла дац цу дийнахь лецна, Москохарчу СИЗО кхачийна 24 хIордхо тIеман йийсархо ву, аьлла ФСБ-н векалша.

Цкъачунна Украинас цхьана а кепара делла жоп дац ФСБ-н дIахьедаршна. Хьалхо Украинан Iедалша бехкейира Оьрсийчоь провокаци ярна, цара дIалаьцна шайн кхо кема а, хIордхой а дIахецар а тIедожийра. Юкъахь лелачу бертаца а догIуш, кеманинй бакъо яра аьлла Киево, маьршша Керчан гечонехула дехьадийла.

Малхбузен пачхьалкхаша а кхайкхамбина Оьрсийчоьне хIордхой маьршабаха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG