ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Граната лелорна таIзар дина Соьлжа-ГIаларчу вахархочунна


Цхьа шой, ах шой колонехь яккха хан тоьхна Нохчийчуьрчу вахархочунна, РГД олу граната а йоккхуш цуьнгара. Талламчийн информацица, Соьлжа-ГIалахь эцна хилла цо и граната. ГIадужу-баттахь полисхошна каравеанчу цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексан 222-чу артиклца (эца а, ларъян а, лело а бакъо йоцуш оьккхуьйту гIирс Iалашбарна) аьлла, дийцина "Кавказан узел" агенталле Талламан комитетерчу хьостано.

ПIераскандийнахь Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело 1, 6 шо хан а тухуш, 30 эзар соьман барамехь гIуда хьарчийна бехкевечух.

Талалмхочо даредарца, цунна йогIург пхи шо гергга хан а, 10 эзар сом гIуда а дара, амма цо ша мукIарло дарна а, даьллачунна дохковалар хаийтарна а, хан лаххара тоьхна цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG