ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь лазийначу полисхочун гIуллакх шен тергоне эцна Башкирерчу министро


Башкортостанерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министро Деев Романа шен тергоне эцна, Нохчийчохь чолхе чевнаш йинчу, иза заьIапхо хиларан группа кхи дIа тIе ца чIагIйинчу полицин хиллачу белхахочун Шаймуратов Азатан гIуллакх. Министраллан пресс-гIуллакххоша Iорадаккхарца, ТАСС агенталло шоьтадийнахь бина хIара хаам. Прессано яздарехь, 2016-чу шарахь бIаьста чоьхьарчу министраллан декъан белхахо хилла Шаймуратов Азат а, цуьнан пхи накъост а лазийра Нохчийчохь ханна декхарш кхочушдан хьажийначу заманчохь. Къаьсттина чолхе хьал хиллера Шаматовгахь. Вехха Iиллира иза лазартнехь, 2017-чу ушарахь 3-чу группан заьIапхо ву аьлла, тIечIагIдира цунна. Ткъа кху шарахь кехаташ карладохучу юкъанна, иза инвалид хилар дIа ца лерира, цунна хIоттийна хилла пенси а юкъахдаьккхира. Могушалло таро ца елира цунна балха аравала а.

2016-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 9-чохь Нохчийчуьрчу Грознескан кIоштахь, шайлахь гранаташ а, кхиболу тIеман гIирс а болуш вогIучу шина стагна дуьхьало йинера Башкирера баьхкинчу полисхоша. ХIетахь лазийра 6 полисхо, шайлахь Шаймуратов Азат а волуш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG