ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн тайпанийн Кхеташо: латта я вежаралла


ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъара доза ШариIатан кхелехь къастор хьехна пIераскандийнахь Нохийчуьрчу Iедалхошна гIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташоно, шина къоман юкъаметтигаш цунах гIоьртина хилар, билгалдоккхуш.

Оьрсийчоьнан Конституцин кхело низамца богIуш лору Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза къастош шина мехкан куьйгалхоша тIеэцна сацам. Оцу маьIнехь жамI дIакхайкхорца ерзийна дозан хьокъехь ши кIира хьалха ладегIарш дIадахьна кхел цуьнан куьйгалхочо Зорькин Валерийс дахначу еаридийнахь.

Ткъа шолгIачу дийнахь Yuotube агIоне хIоттийнера гIалгIайн тайпанийн Кхеташонан куьйгалхочо Ужахов Малсага шайн организацин цIарах нохчашка кечдина кехат дIадоьшуш видео.

"Вежарша дозанаш ишта билгал ца доху. Латтанаш схьадоху тхоьгара, вежарийн юкъаметтигаш а ларъе боху. Вай къастам бан беза: латта, я вежаралла? Къастам шуна тIехь буьту оха", - аьлла, билгалдаьккхина кхайкхамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG