ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох кхелхина бакъонашларъярхо Алексеева Людмила


Шоьтан суьйранна кхелхина 92 шо долу бакъонашларъярхо, Москохарчу Хельсинкин группан куьйгалхо Алексеева Людмила. Оьрсийчоьнан президентехула адамийн бакъонаш ларъечу Кхеташонан урхалчас Федотов Михаила бина цунах хаам, Москохарчу 15-чу дарбан цIийнан коьртачу лоьран информацина тIе а тевжина. ПIераскандийнахь а кхетамехь йолуш, шен гIоьнчана дан дезарг а хьоьхуш хилла иза, Федотовс дийцарехь.

1927-чу шарахь Евпаторехь йина яра Алексеева. Москохарчу пачхьалкхан университетехь историн факультет а, Москох экономикан-статистикан институт а яьккхина цо. Советан заманахь къайлах бакъонашларъяран бюллетень кхуллучаьрца а хилла иза, ткъа 1976-чу шарахь бакъонашларъяран Хельсинкин организаци йиллинчарех цхьаъ а яра иза. Цул тIаьхьа шо даьлча пачхьалкхера дIаяха дийзира цуьнан.

Дозанал арахьа диссидентийн боламех талламаш бира цо, дуккха а шерашкахь юкъарлонаш лелийра Маршо Радиоца а, "Голос Америки" радиостанцица а, зорбане юьйлура кеп-кепарчу хьостанашкахь, консультацеш латтайора бакъонашларъяран организацешна. 1993-чу шарахь юхайирзира Алексеева Оьрсийчу, оццу шарахь Москохарчу Хельсинкин организацин куьйгаллехь чIагIйира иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG