ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра рэперш Нохчийчу концерт яла кхайкхина Кадыровс


Оьрсийчуьра рэперш Нохчийчу концерташ яла кхайкхина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, регионехь царна иллеш ала тIех дика майданаш хилар билгалдоккхуш. Оьрсийчоьнан масех регионашкахь тIаьххьарчу кIиранашкахь юкъахъяьхна цхьа могIа кху заманан иллиалархойн концерташ, доккхачу декъанна, Хаскин (Кузнецов Дмитрий), Элджейн (Узенюк Алексей), IC3PEAKи "Френдзона" группан а.

Хаскина гIоьнна "Я буду петь свою музыку" аьлла, концерт елира оьрсийн рэперша Бастас (Вакуленко Василий ), Oxxxymiron-а (Федоров Мирон), NoizeMC (Алексеев Иван).

"Нагахь церан лаам буй, со дуьхьал вац. Дуьйла концерташ яла, тхан дика майданаш ю концерташ хIитто", -аьлла Кадыровс "Новости" агенталле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG