ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хиллачу бохамна бехке Шела кIоштан хьаькам вац бохучух ца теша бахархой


Шела-кIоштан куьйгалхо, Кадыров Рамзанан шича Ибрагимов Турпал-Iела
Шела-кIоштан куьйгалхо, Кадыров Рамзанан шича Ибрагимов Турпал-Iела

Зуда а, бер дуьйш, цаьрца хилла машенлелорхо дарбан цIийне а кхачош, Соьлжа-ГIалахь хиллачу некъан бохамна бехке Шела кIоштан куьйгалхо, Кадыров Рамзанан шича Ибрагимов Турпал-Iела вац, цуьнан маьхча хилла алар, шеконашца тIеэцна махкарчу бахархоша.
Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло цIе яьккхинера хиллачу инцидентехь бехкеволчун, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна аьлла, билгалдоккхуш.

"Кавказан узел" агенталле дийцина махкахоша, шаьш тешна хиларх, куьйгбехкениг Кадыровн шича хилар, ткъа цара хьем а бина йинчу реакцино кхи тIе а тешам ло шайна, бехке Ибрагимов Турпал-Iела хиларан аьлла цара.

"Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло динчу дIахьедаран кепек мах бу. Нахана ма дика хаьа, хьенан бехках хилла зулам ду. Оцу хьаькаман хадархой цIе яьлча санна ма хьийзинера цу буса, и сурт гиначаьргара телефонаш схьайохуш, гIуллакх къайладахьа гIерташ, амма хIетте а нахала делира иза. Масех дийнахь, муха, хIун эр дара-те бохуш, дага а бийлина, дина дIахьедар ду хIара. Амма цхьа а вац оцу версех тешаш. Дукха тIаьхьа делла жоп ду", -аьлла Докка цIе йолчу меттигерчу вахархочо агеталле.

Ишта цара дIахьедарехь, масех де а ду Шела кIоштан куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Iела балхахь воцу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG