ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьзалхочунна тIехь Iазап латтийна да кхеле хIоттийна Соьлжа-ГIалахь


Соьлжа-ГIалара вахархо бехкево, шен 13 шо долчу йоIана хаддаза етташ хиларна, хаамбина прокуратурано. Оцу йоIа доьшучу школерчу хьехархошкара кхаьчна полицига и информаци. "Цхьа кIира а хилла йоI деша ца йогIу, таллам бича гучудаьлла оцу йоIана хIусамехь ницкъбеш хиллийла. Дас даим етташ хилла цунна,ткъа йоI кхоьруш хилла цхьанга дIадийца", -аьлла ницкъаллийн структурашкарчу хьостано "Кавказан узел" агенталле.

Бехкзуламан гIуллакх диллина дена духьал, Оьрсийчоьнан Зуламан Кодексан 156-чу артиклца а догIуш. "Цу кепара зулам динчунна гIуда а догIу, пачхьалкхна болхбан декхаре ву, я кхаа шаре кхаччалц хан йогIу набахтехь яккха", - хоуьйту прокуратуран белхахочо.

Маршо Радионо шен агIонашкахь яздира, стохка Гуьмсерчу яхархочунна 1, 5 шарахь белхаш бар тIедожорах, шен берашна етташ, царна тIехь Iуналла ца дарна.

Оццу шеран Iай Хьалха-Мартанарчу вахархочунна таIзар дира, шен доьзална тIехь къизалла латторна. 8 шо долу кIант зIеца дIа а воьхкуш, лелош хиллера цо.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG