Инстаграмехь комментари йитиначуьнца дов къасто еана ГIалгIайчоьнан могушалла Iалашъяран министр Арапханова Марем. Видео даханчу шоьтадийнахь Iораяьккхинера "Mash" агенталло шен телеграм каналехь.
Хьостано дийцарехь, меттигерчу клиникан лоьрийн алапаш цаьрга дIа ца кхочу масех бутт бу. Ткъа ахча ду могшалла Iалашъяран министраллан чу йийбарш эца хьежош.
Оцу хьокъехь йоза дитинера меттигерчу вахархочо. Йийбар эцар, Москохарчу хьешашна хьалха хIоттон кечъеш кеп ю министран, аьлла, комментари йитинера цIарца вуьйцуш воцчу меттигерчу вахархочо.
Могушаллин хьаькамна, хетарехь, цо яздинарг ца тайна. Министраллан гIишлона хьалха цаьрца къамел дан еанера иза, шен гергарчаьрца цхьаьна, амма гIуллакх кхин гена а ца долуш дирзина, яздо агенталло.