ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экономика кхуьуш хиларна дог айа 606 миллион сом делла Нохчийчоьнна


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс экономика кхиарехь лаккхара болар эцарна дог айа ахчанаш делла федерацин 40 регионна. Царна юкъахь ю Нохчийчоь а.

И ахча декъаран бахьанаш кхетош кечбинчу хаамехь, дуьйцуш ду Оьрсийчуьрчу регионашна даькънарг 20 миллиард сом хиларх лаьцна.

Дог айа деллачу ахчанах уггаре а доккха дакъа кхаьчна Белгородан кIоштана - 990 млн миллион. Камчаткина делла 930 миллион сом. КхоалгIачу меттехь ю Сахалин - 882 миллион сом.

Нохчийчоьнна деллачу ахчанан барам бу 606 миллион сом. Жимма алсам ахча хьажийна Дагестанан бюджете - 625 миллион сом. ГIалагIайчоьнна делларг ду 167 миллион сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG