ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пенсин барам уггаре лахара бу Къилбаседа Кавказехь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Уггаре лакхара а, лахара а пенси долу регионаш билгалъяьхна Оьрсийчоьнан Пенсийн фондо, хаам бо "Российская газето". Пенсин барам лахара хиларца хьалхара кхо меттиг дIалоцуш ю ГIебартой-Балкхаройчоь а (11 413 сом), Дагестан а (11 653 сом), ГIалмакхойнчоь (12 137 сом).

Нохчийчохь пенсин юккъера барам бу 13657 сом.

Уггаре доккха пенси оьцуш бу Чукоткин бахархой - 25 173 сом. Хьалхарчу 5 регионна юкъахь ю Ненцойн автономи а (22 050 сом), Магаданан кIош а (21 508 сом), Камчатка а (21 342 сом), ткъа иштта Ямалан-Ненцойн автономин го а (21 008 сом).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG