ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиев кхин кхаа баттахь лаьцна латто сацам бина Шеларчу кхело


Титиев Оюб.
Титиев Оюб.

Оьрсийчоьнан «Мемориалан» Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб кхин дIа а лаьцна латто сацам бина Шелан гIалин кхело. Иза талламан изоляторехь хир ву 2019-чу шеран Зазадоккху-беттан 22-гIа де тIекхаччалц.

Титиевн керла хан ягар яр долор ду кху беттан 22-чохь дуьйна. Бакъонашларъярхо лаьцна хан яхъяр дехнарг ю прокурор Байтаева, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Цо далийна бахьанаш ду Титиевн гIуллакх теллина даьлла ца хилар а, иза аравалийта мегар доцу бахьанаш хIинца а дуьсуш хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG