ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

24 шо кхаьчна Нохчийчохь Хьалхара тIом болабелла


24 шо хьалха, 1994-чу шеран ГIура-беттан 11-чу дийнахь, Нохчийчохь болабелира Хьалхара тIом. Оьрсийчоьнан президенто Ельцин Бориса цу хьокъехь тIеэцна указ арадаларца, кхаа агIор Нохчийчоьнан территори тIе девлира Оьрсийчоьнан эскарш.

Цу Iаьнан дийнахь болабела и тIом бахбелира 1996-чу шеран Марсхьокху-беттан 31-гIа де тIекхаччалц. Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан агIонаш динчу маслаIатца Нохчийн Республикан статус билгалъяккха езаш яра 2001-чу шеран ГIура-беттан 31-гIа де тIекхачале. Ма дарра аьлча (де-факто), Нохчийчоь юха а хилира йозуш йоцу пачхьалкх.

Тахана а билггал хууш дац цу тIамехь мел адамаш дайина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG