Гергарчу эха шарахь ерриг а Оьрсийчуьра аналоган телеканалаш болх бечура совцор ю зIенан министралло. И болх дIахьур бу 3 муьрехь.
Хьалхара мур болалур бу 2019-чу шеран Чиллан-беттан 11-чу дийнахь. Цу дийнахь терахьийн форматана тIе йоккхур ю 7 регион, шайна юкъахь Нохчийчоь а йолуш.
Терахьийн форматехь мехаза хьажа аьтто хир болчу каналашна юкъахь ду: «Первый канал», «Россия I», «Матч ТВ», НТВ, «Петербург-Пятый канал», «Культура», «Россия 24», «Карусель», ОТР, «ТВ Центр», РЕН ТВ, «Спас», СТС, «Домашний», «Пятница», «Звезда», «Мир», ТНТ, «Муз-ТВ».
Оьрсийчоьнан телвизион терахьийн формате яккхар дIадерзор ду тIедогIучу шеран аьхка.