ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскархо вуьйш дакъалаьцна нохчо кхеле озийна Дагестанехь


Дагестан, 1999 шо.
Дагестан, 1999 шо.

1999-чу шарахь Дагестанехь Новолакан кIоштахь тIом бинчу стагана дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх цу республикан Лаккхарчу кхеле хьажийна талламхоша. И стаг декъашхо хилла Басаев Шемила а, Эмир Хаттаба а куьйгалла дечу тIемалойн тобанан. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратуро, яздо kavtoday.ru сайто.

Талламан комитетан векалша бинчу хаамца, кхеле озош верг ву Нохчийчуьра схьаваьлла стаг. Цо, кхечу шен накъосташца цхьаьна, Новолакан кIоштахь тIелатар дина Оьрсийчоьнан салташна. Талламхойн версица цу тIелатарехь вийна цхьа эскархо, кхин а кхоъ чевнаш йина хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG