ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебартойн-Балкхаройчохь нохчийн тутмакхаш хьийзош бу бохург теллина Нохчийчуьрчу тобано


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу ИК-3 олучу колонехь хилла Нохчийчуьра леррина делегаци, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Цуьнан декъашхойн Iалашо хилла цу колонехь нохчийн а, гIалгIайн а бакъонаш йохош ю аьлла социалан машанашкахь баьржина хаам таллар.

Нохчийчоьнан цIарх Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама шен гIоьнча Зайналабдиев Заур коьртехь волуш тоба хьажийна хилла и гIуллакх къасто.

Колонин куьйгалхошца хиллачу цхьаьнакхетарехь нохчийн делегацин декъашхошна гучудаьлларг ду, дуккха а тутмакхаша дакъа а лоцуш, цу колонехь чубоьхкина нах летта хиллар. Цу латарехь эшам хилла ву маситта нохчи а, гIалгIа а.

Делегацин декъашхоша шаьш саготта хилар хаийтина хилларг бахьана долуш, ткъа колонин куьйгалхоша тешийна Делимхановн векалш дов къаьмнийн юкъаметтигаш бахьанехь иккхина ца хиларх.

Нохчийн делегаци цхьаьнакхетта цу колонехь хан токхучу нохчашца а, гIалгIашца а. ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу УФСИН-ан куьйгалло дош делла Нохчийчуьра делегацина шаьш дерриг дийр ду чубоьхкинчу нехан бакъонаш хьакъ ма ду ларъян аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG