ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Велла 6 де хьалха Соьлж-ГIалахь некъахьовзамехь лазийна хилла вахархо


Нохчийчохь велла кху беттан 5-чу буса Соьлж-ГIалахь некъахьовзамехь лазийна хилла вахархо, хаам бо Кавказ.Реалиино. Иза а, цуьнан хIусамнана а, бер а чохь долчу Жигули машенна тIехьаша тIекхеттера дукха чехка хаьхкина йогIу Мерседес машен.

Цунна урхалла деш хилларг Шелан кIоштан администрацин куьйгалхочуьнан маьхча ву аьлла, хаам бина республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбанан сервисо.

Хьалхо дуьйцуш дара, адамаш дайарна бехке верг Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан гергара стаг Шелан кIоштан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Iела ву бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG