ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кавказ" некъан дакъа тодийр ду Нохчийчохь


"Кавказ" некъ.

Нохчийчохь тодийр ду "Кавказ" цIе лелочу федералан трассан Соьлж-ГIалара Iалхан-Юьрта кхаччалц долу дакъа, яздо "Кавказ Сегодня" сайто. И болх бар къобулдина Оьрсийчоьнан "Главгосэкспертиза" урхалло.

Ша некъ тобина ца Iаш, дан лерина ду некъайист чIагIяр а, цунах хоттало некъаш цхьана тIегIанехь дIанисдар а, хи дIадоьду биргIанаш хийцар а.

Трассина уллехула хIиттор ю гIовгIа хьулйон дуьхьалонаш, дохкур ду керла чиркхаш, автобусийн социйлаш, кхин дерг.

"Кавказ" некъ тобеш белхаш бийр бу федералан бюджетерчу ахчанах.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG